Бельгин Имаман Рамзан-хьажан хьехамаш: доьзалехь хIусамден а, хIусамненан а юкъметтигаш
Хууш ма-хиллара, муьлха а доьзал — стаг-зудий цхьанакхетарца болалуш бу. Юьхьанца, оцу шиннах кхоллало муьлхачу а юкъараллин уггаре жима, амма доккхачу маь1не долу дакъа. Оцу тайпанчу дакъойх х1оттало, кхид1а а кхуьу х1ора къам.
Ткъа, оцу къоман билгалонех, масала, — оьздингалла, сий, къонахалла, къинхетам белахь — дуьнено лекх мах хадабо ишттачу халкъан а, цуьнан векалийн а. Наха олу: «Оцу къоман нехехь йолуш ю стогалла, хьаш-да везар, къинхетам, собаре хилар...» Иза лекха мах хадор ду.
Ойла йича, и дерриге дуьххьара доьзалера схьадолу, ден-ненан юккъехь йолчу юккъаметтигех д1атарло. Вуьшта аьлча, доьзалера схьадолалуш ду къоман а, Даймехкан а син хьост. Иза ц1ена хуьлуьйту зудчунна а, майрачунна а юккъехь кхоллалучу имано а, беркато а...