Венехь (Wien Austria) схьабиллина нохчийн сурташдахкархойн гайтам
Венерчу Кавказийн талламийн институто схьабилина Европерчу нохчийн сарташдахкархойн гайтам. Къаьмнашна юккъера вовшашца болу цатешамаш а, вовшех кхерар а, вовшашна хийра хилар а дIадаккха Iалашо ю Венин юккъехь, цу гIалин уггаре а исбаьхьчарех хьалхарчу кIоштанахь схьабиллинчу сартийн гайтаман. Политолога Чапханов Руслана куьйгалла дечу Кавказан талламийн институто туркойн Юнус Эмрен цIарахчу кхерчаца юкъахь схьабиллина бу иза. „ТIайнаш дахкар – Исбаьхьалло къаьмнашна юккъехь барт кхуллу“ цIе йолчу гайтамехь дакъалоцуш бу коьртачу декъехь нохчийн, амма иштта австрихойн, оьрсийн сарташдахкархой. Царна юккъехь вара Лейпцигера лерина цу гайтаме веана волу хьаша Юшаев Замир а, Австрера нохчийн исбаьхьалхой Сугаипов Лом-Iела а, Пашаев Марат а, ткъа иштта евзаш йолу меттигера сарташдахкархо а, яздархо а Фархер Соня а, оьрсийн исбаьхьалхо Голованова Сонюшка а. Исбаьхьаллин тайп-тайпанчу жанрашкахь болх бе и нах массо а Венин юккъехь вовшахтоьхнарг цхьа Iалашо яра – бен-бен къаьмнаш а, бен-бен култураш а машаре, бертахь цхьаьнаяха йиш юйла а, церан массеран цхьа юкъара синан дахар а, синхьежамаш а буйла а гайтар, цу кепара адамашна юккъера марзонаш а, барт а алсамбаккхар. Къаьстина мехала ду иза кху заманахь, нохчийн цIе яккхар Малхбузехь даима аьлча санна я талорхоша лелочу зуламашца доьзна, я радикалан исламхойн баланца доьзна хилар тидаме эцча. Венерчу коьртачу кхелахь кху деношкахь ул-улорчу чоьнашкахь дIайоьдуш цхьаъ санна шиъ гIовгIане процесс ю нохчийн къомах болчу зуламхошна тIехь еш. Хьалхарниг – ша шех Голденберг Макс аьлла цIе тиллина, кегирхойн а, кхиазойн а тоба вовшах а тоьхна, цаьрга къоланаш а, осала куталш леладойтуш хиллачу жимчу стагний, цуьнан хьадалчашний тIехь ю. Важа даханчу аьхка Шема ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанах дIакхета арабевллачуьра лаьцна чу боьхкинчу 9 нохчийн къомахчу радикалхошна тIехь ю, шайна юккъехь цхьа къона зуда а йолуш. Цу хьелашкахь Венерчу коьртачу кхелана масех бIе метар бен гена йоцучу Юсуф Эмрен цIарахчу институтехь дIахьош нохчийн исбаьхьалхойн гайтам хилар цхьа ша-башха мехалла а, ала мегар долуш вуно онда символин ницкъ болуш а хIума ду. Хетало, цу говзанчийн сарташа мохь-цIогIа детташ санна, дац шуна вай, хIай нохчи, иштта вайх цхьаболчара вай сийсаздан ма-гIертара. Ду шуна вай вуно ховха а, экама а, дуьткъа а синош долуш, дуьненна а, ийза а ца луш, гайта вешан исбаьхьалла а, вешан култура а, вешан оьзда Iадаташ а долуш, бохуш. Вуно лераме а, хасторан а дешнаш дийкира гайтаме гулбелчу исбаьхьаллаезархошкара а нохчийн сарташдахкархойн говзаллех лаьцна. Венин шозлагIчу кIошташ буьргомайстер а, Кавказан талламийн институтан вице-президент Коьниг Томас а, университетара профессор Хайнрих ХIанс Георг а, Австрерчу бусулбачу нехан кхеташонан президент Санач Фуат а вара царна юккъехь. Бара иштта дукха а меттигера а, нохчийн диаспорера а исбаьхьаллаезархой а бара. Гайтамехь дакъалоцучу сарташдахкархойх цхьаъ ву Венехь вехаш волу исбаьхьалхо Пашаев Марат. Цуьнан ша-башххачу басаршца дехкина зезагийн сарташ а, гIаланийн мотиваш а яра гайтамехь кхозуш. Шен кхоллараллех а, исбаьхьаллах а, исбаьхьалхойх а болчу шен хьежамех а лаьцна Маршо радиога иштта дийцира Пашаев Марата. Пашаев Марат: «Со сарташ дахкар дешна ву, амма иштта исбаьхьалхошца цхьаьна а ветталуш, царех Iемаш а хилла доллучу дахарехь. Жима волчу хенахь дуьйна ву со сарташ дохкуш. Наггахь айса сурт ца дуьллуш хан яьлча, суо адам а доцуш санна хетало суна. ХIора стагна а пайдехьа ду аьлла хета суна сурт диллар, цуо балха адам цхьана хорша чохь латтаво, цуьнгахь собар а кхиадо. Сурт дуьллуш волу стаг нахана пайдехьа ву, иза нахана зуламе стаг вац, хIунда аьлча цуо шен сарташкахь шена хетарг ма-дарра дIаолу, къайла ца хьо. Цуо хазнарг гойту шен белхашкахь, диканарг гойту. Сан сарташ дахкаран хатI тайп-тайпана ду, со цIахь волчу хенахь цигахь хуьлучу синхьаамаш тIеIаткъам а бой дуьллу ас сурт, аренца волчу хенахь сайн цIа сагатлуш хиларх терра, цу хIумано тIеIаткъам беш дуьллу». Аренца беха нохчийн кегирхой вовшахтоха а, уьш урамашкара чуберзон а, вуочунна уьш генабаха а мехалчех цхьа некъ хир бара аьлла тешна ву Пашаев, и бераш исбаьхьалле дерзор, царна сарташ дахка я муьлха а кхин йолу куьйгийн корматалла Iамор. Сарташдахкархо ша а ву шен ка ма-доллу нохчийн берашна мастер-классаш а еш, уьш сарташ дахка а, басаршца болх бан Iамош. Пашаев Марат: «И вайн бераш даьржина лера цхьана дог дика долчу стаго я наха уьш дикчу хIуманна тIе ца гулбар хета суна. Церан шортта энерги ю, амма и энерги мича яхьа еза ца хаьа царна. Цара цхьа хIума Iамош делахь, сурт диллар хуьлда иза я Iилманаш Iамор хуьлда иза, тIаккха церан и энерги вуочу хIуманна тIе а ца йоьдуш, дикчунна тIехьажийна хир яра. Уьш Iамор а, уьш вовшахтохар а шена тIеэцначунна вуно боккха мел хир бара. Ткъа и бераш шаьш шайна хилла ца Iаш, вайн къомана а, массо а нахана а пайдехь а хир дара". Венера нохчийн исбаьхьалхойн гайтам баттахь бахлур бу. Товбеца беттан 15-гIа кхаччалца луучеран таро хир ю, Верингер Штрассе 4 адресца дIахьочу цу вернисаже кхача. Цу батта чохь гайтамехь дакъалоцучу исбаьхьалхоша цхьа-цхьацца деношкахь шайн сартех а, кхоллараллех а, дахарх а дуьйцуш, экскурсеш йийр ю гайтаме баьхкинчарна вернисажан чоьнашкахула. Меттигерчу бахархойн а таро хир ю, цу хеначохь нохчи тIемашна говза хилла ца Iаш, Дала исбаьхьчу похIмашца а комаьрша совгIат дина нах хилар ган. Ткъа Маршо радионо кхин дIа а дуьйцур ду гайтамах а, цуьнан декъашхойх а лаьцна.