Вечер чеченской культуры в немецком городе Дюрен (Duren)
Дуьрен (Duren) ц1е йолчу Германин г1алахь нохчийн диаспоран дакъалацархойн г1оьнца вовшахтоьхна д1аехьира нохчийн къоман культуран суьйре. Цуьнан куьйгалхо хилла д1ах1оьттира х1окху г1алан вахархо, и г1уллакх дика девзаш а, вайнехан культуре боккха безам болу а Назаров Ахьма. Гулбеллачарна юккъехь бара Германин векалш а, церан къоман хьеший а, нохчийн культуран а, искусствон а белхахой а. Масала, Германера,- гоьваьлла вевзаш волу нохчийн поэт Бисултанов Апти, оперни солист Хасанов Зайнди, суртдиллархо Ахмадов Шамсуди, пондарча, композитор а Димаев 1амарбек Бельгира баьхкинера: балетмейстер Ахматов Шамиль, яздархо Идиев Замбулат, стихаш кхоллархо журналист Льянова Лариса, ,,Ларам ,, ц1е йолчу Культурни центран хелхаран группа шайн вовшахтохархочуьнца Закриева Залпаъца, ,,Вайнах,, Культурни центран куьйгалхо Шерипов Эмильхан.
Нохчийн диаспорна юккъе бохучу зударша, кеч а йина, хьешашна хьалхах1оттийра нохчийн мерзачу кхачанах тайп-тайпана десерт, шена юккъехь тайп-тайпана хьовлеш а долуш. Залан пенашна т1ехь гуш яра вайн къомах а, Нохчийчоьн историх а дуьйцуш йолу проспекташ. Дуьхьарлерчу дашца суьйре схьайиллира Назаров Ахьмас. Цул т1аьхьа вайн Даймехкан чолхечу историх, нохчийн къомах лаьцна хьешашна хаам бира Берлински Немцойн-Нохчийн юкъараллан директора Экхард Мааса. Х1окху стагах лаьцна цхьана -шина дашца аьлла вер вац. Дукха хенахь дуьйна Экхардан дагчу йижна ю Кавказан йоккха тема. Цуьнца а, кавказски къаьмнийн историца а боьзна бу масийтта шарахь цо д1ахьош болу болх. Ша вовшахтухучу мероприятешкахь, яздечу дашехь, гочъечу книгашна т1ехь Экхарда йовзуьйту европейцашна кавказски истори, д1ахьо хьалкъийн бакъонаш ларъярехула болу юкъараллин болх.
Иштта х1окху суьйренехь а Маас вистхилира оцу темехула. Цул т1аьхьа цо дош делира поэтана Бисултанов Аптина. Ала деза, Аптин, цхьана хенахьлерчу поэзи езархошна даима еза хета Аптин поэтически пох1ма. Амма, ч1ог1а мехала ду иза вайнехан т1екхуьучу чкъоран йовзийтар. Амма тамашийна хетар, оцу дийнахь Бисултановн стихаш дуьххьара хезачу немцойша а йоккхачу догйовхонца т1еэцар. Церан матте уьш гочйиначу Экхард Маасан йэшаре а ца хьоьжуш, дехха т1араш деттарца т1еийцира цара Бексултановн выступлени. Мотталора, поэтан поэтан аз – цуьнан деган деттадаларца цхьана д1ауьйш ду.Цуьнан озехь хезара, шен лаьмнех яьллачу аьрзун балане узам ...Т1аьхьа хиллачу перерывехь Назаров Ахьмас интервью ийцира Дюренан г1алан куьйгаллехь болчу белхахошкара интервью Нохчийн десертах кхеттачул т1аьхьа, суьйренан программа д1аяхьира сценан говзанчаша: Димаев 1амарбека а, Ахматов Шамила а пондаран а, вотан а г1оьнца кхочушъбира вайнехан къоман мукъамаш. Оперни солиста Хасанов Зайндис а, Шерипова Мархас а лекхира нохчийн а, итальянски эшарш. Суьйрен программа ерзийра "Ларам" Культурни центран хелхархоша.
Оцу дийнахь цигахь хиллачу сайн а дог реза деш, дика чекхделира и вовшахкхетар. Нах д1асабовлучу хенахь, цхьана нохчийн эшарлакхархочо схьакховдира соьга шен делла зезагаш. Уьш а карахь со арайолучу хенахь, суна юххе нисъелира цхьа къена немцойн зуда. "Фрау, - йистхилира со,- Ахь бакъо лахь, суна хьуна дала лаьара х1орш". Цкъа, йоха а йоьхна, юха безамечу елакъажарца , -"Данке, данке шон !"- бохуш, д1аяхара иза. Бельги юхадог1учу новкъахь суна дагара ца йолура и йоккха стаг... Ойла хьийзара: ,,Нохчийн къам дохийча, вайнах дог йовхонца т1еэцначу къаьмнийн цхьана векална оццул к1еззиг там бархьама а,- ма хьакъ дара иштта суьйренаш кхоллар...Массарел хьалха, вай дац оцунах кхета дезарш? Вайн ц1ийх д1а а ийна, ден-дайшкара дуьйна схьадог1уш ма-ду вайнехан оьзда г1иллакхаш, комаьршалла, г1о лацар...Ткъа халачу минотехь хьан къомана а, хьуна хьайна а оццул дина а, деш а хилча..? ,, Цундела, иштта мероприятиш вовшахтухучарна массарна а - доккха баркалла! Лора Герман. Дюрен, Германи